
The Tower of Babel (Genesis 11: 1-9)
Бавелан бІов хІоттор
- Лаьтта тӀехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара.
- Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанІар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира.
- «Дуьло, кибарчигаш а ийна, уьш цӀергахь ягор ю вай», - элира цара вовшашка. Иштта тІулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан.
- Цара элира: «ГІала а, цу чохь стигала а кхочуш бІов а хІоттор ю вай ваьшна, хІокху лаьттахь массанхьахула дІаса ца даржадайта, цІе а йоккхуьйтур ю вай вешан».
- Адамаша кхуллуш йолчу гІалане а, бІаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла.
- Везачу Эло элира, царьга а хьаьжна: «И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хІун дан буьйлабелла уьш. ХІинца дерриге а шайна дан дага догІург ца далуш дуьсур дац церан.
- Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дІаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».
- ТІаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дІасадаржийра, цара хІоттош йолу гІала чекх а ца йоккхуьйтуш.
- Цу гІаланах цара Бавел-гІала элира (иза ду Іебархойн маттахь «Эбина-гІала»), хІунда альча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хІокху лаьтта тІехь массо а маьІІе адам даржадар.
Source: Товратах а, Инжилах а лаьтташ долу. Делан Йозанаш. Bible in Chechen language, Institute for Bible Translation, Moscow, 2012.
Contributed by Wolfgang Kuhl
Information about Chechen |
Chechen phrases |
Tower of Babel in Chechen
Tower of Babel in Caucasian languages
Adyghe,
Chechen,
Georgian
Other Tower of Babel translations
By language |
By language family
Learn Chinese Characters with the Omniglot Chinese app